157 Цlерадахарх
Шаьш нехан (нохчийн хlусаме) чоьхьабевлича, хlумма а эхь а ца хеташ, тоьпаш пенан соне ира а хlиттош, тlоьрмигаш цIенкъа охьа а кхуьйсуш, цу чуьра (тlоьрмигашчуьра) консервийн гlутакхаш схьа а оьцуш, уьрсаца уьш схьа а достуш, lаьржачу бепигца тlе хи а муьйлуш йуург йууш, поппаран маьнги тlе шайн цlахь санна дlа а тийжаш лелла и йовсарш.
Иштта, уьш чу-ара а буьйлуш, денош дIаоьхуш хилла, вайн нахана цара лелориг хlун ду а, йа уьш муьлхачу lалашонца лела а ца хууш.
Чоьнаш хlинца санна йаккхий а ца хилла нехан. Царна мел хало хилахь а, церан маьнгеш, цlенкъаш дlа а лоций бийшина lохкуш а хилла уьш.
Цхьаболчу наха шайга шу хIунда даьхкина аьлла хаьттича, шаьш «лаьмнийн хьелашкахь тIом бан Iамо далийна» бохуш а хилла салташа. Йуьртарчу Iеламнахана а, оьрсийн мотт хуучарна а шаьш лелочух, бохучух тешош, агитаци лелор тIедиллина а хилла эпсарша. Иштта, «немцоша лаьмнашка кеманашца десанташ кхийсина, царна дуьхьал тоха далийна шаьш», олуш а хилла цара.
Амма, цхьаболчу къинхетамечу салташа, шайна кхераме доллушехь, даьхни дIадахий, ахчане дерзаде, шу махках дохур долуш ду аьлча, теша а ца тешна вайнах.
1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-чохь догIуш ло а долуш, сихаллехь арадаьхначу адамашна (къаношна, зударшна берашна, заьlапхошна) тlехь долу духарш а ца хилла lаьнан шелонна дуьхьал гlо лоцур долчу кепара. Когахь мачаш йоцуш бераш а цхьаьна хилла бохуш дуьйцу церан могlаршкахь. Гlоранехь берш, шайца немцошна дуьхьал тlом бан бигина хилла, уьш шайца цхьаьна тlамехь дакъалоцуш боллушехь, царна а йамартло йеш церан цlера доьзалш махках баьхна оцу Делан мостагlаша.
Адам, хIун дан деза ца хууш хьере хилла. Шен гIуллакхна иттех метр гена вала а бакъо а ца луш.
Цу тайппана, Iамаркахойн «Студебекер» цIе йолу киралелон машенаш а йалийна, маьхьарца халкъ цу машенаш тIе а доьттина, станцешкахь, даьхни лелочу «Пульман» олучу вагонаш тIе а дохуш малхбалехьа дlадига долийна. Вовшийн лоьхуш, хьоькхучу маьхьарша Iадийна хилла адамаш.
Вагонаш чохь долу белхарш, маьхьарш стаг Iадаваллал хьал хилла. Царна чохь хилла цкъа кхаллал а рицкъ карахь доцурш а.
Чехка йоьдучу цIерпоштан вагонаш чу мох хьоькхуш шийла хиларна йовхарш кхеташ а, кхидолу лазарш, цамгарш гучуйуьйлуш новкъахь леш а хилла дуккха а адам. Кийра бузо кхалла хlума йоцуш, цlанонна хи а доцуш йаккхий халонаш лайна цара новкъахь. Берашна а, баккхийчарна а къаьсттина чlогlа ницкъ хуьлуш хилла хиларна, некъаца кегий бераш а, къаной а леш меттигаш а дукха хилла.
ХIора Iуьйранна, неI дIа а йоьллий, «мертвецы есть, а ну-ка выносите», — олий, декъий арадохура бохуш дуьйцура баккхийчара.
Вайн къам шайна тIе далош дуйла хуучу меттигерчу нахана, «нах буу къам даладо кхуза» бохуш дийцина а хиллера. Вайн къам бIаьрга дан а ца дезаш хилла бухарчу къомана.
Хlетахь, нохчийн доьзалан цхьа а цlа-керт ца дисина оцу балин сингаттам шена кхачаза. Цул тlаьхьа, 78 шеран зама а лелла вайна тlехь, йа оцу замангахь а башха зовкх хьоьгуш а ца баьхна вайнах (хилла болу ши тlом а, кхидерг а…), хlара тlаьхьара шераш кхаччалц.
Даймахках а даьхна, вайн халкъе гlело хьегийтина хилла йолчу оцу хенийн ойланаш йо вай хlора а шарахь чиллин (февраль) бутт гергакхача боьлча. Хlора а доьзалехь, дукхахболчарна хууш ду хlетахь шайн дайша лайначу халонех лаьцнарг.
Дуьйцуш мел lовжаме делахь а, дийца даьккхинчуьра, тхайн кхоалгlачу ден Матlахьан воl Адаман («Акхачу» дивизехь дакъалоцуш хилла ву бохуш а дуьйцура иза) доьзалехь лелла долчух цхьадерг жимма довзийта луур ду суна, йешархошна.
Адаман а, Панкин а доьзалехь 5 бер хилла бохуш дуьйцура, тхан денанас Тумишас (Адаман воккхахволчу кlентан Мовсаран хlусамнана).
Цо дуьйцуш хазарехь, «Мовсар — (14 шо долу), Шемал— (12 шо долу), Шемал-Хаьжа — (9 шо долу), Салман — (4 шо долу), Хьава — 3 шо кхоччуш доллуш) бохуш хилла уьш.
Амма, шаьш цlерадохуш, 1944-чу шарахь 4 бер хилла цаьршинца: «Мовсар, Шемал, Шемал-Хьаьжа, Хьава».
Ткъа, кlентех жимахверг (Салман) цомгаш а хилла дlакхелхина уьш цlерабахале хьалха.
Нохчийн кхиболчу доьзалшка санна, гlайгlа-бала хьаьвзира, къонахийн могlаршкахь шен дика цlе йоккхуш хиллачу Адаман хlусаме а. 1944-чу шеран чиллин (февраль) беттан 23-охь цlийнах, кертах, йуьртах, махках а валавийзира цуьнан а, шен хlусамненаций, доьзалций. Хууш дацара стенга, йа стенна дуьгу а.
Иштта, дlаболабелла кхеран хала а, син-lовжаме а болу беха некъ. Шайн доьзална да-амал доцуш хьийзарал совнах, шаьш дlадуьгуш хиллачу вагонашкарчу нехан, бlаьрахьежабезар а бара кхарна боккха сингаттам. Чlогlа холчахь дара адамаш вовше дан гlо а доцуш. Ас лакхахь дийцина ма-хиллара, шелонна цомгаш хуьлуш а, тlехlоьттинчу гlелонна гlора оьшуш а дlакхелхаш нах гора кхарна а.
ГIалмакхойчоьнан (Калмыкия) пачхьене (столица) Элиста гlала кхечначу хенахь, lуьйранна совцийна хlорш дlабуьгуш йолу вагонаш. «Мертвецы, или больные есть, а ну-ка выносите» олуш, цхьа ког хlорш болчу вагон чоьхьа а боккхуш чухьаьжна салти. Массо «тапп» аьлла lаш а болуш, оцу салтичо деллачу хаттарна дуьхьал жоп хазош цхьамма «есть один больной мальчик» аьлла, Адаман доьзалехь шолагlа волчу Шемална тlе пlелг а хьажош.
Велларг а, цомгашниг а новкъахь охьавоккхуш хилла цара. И мотт тоьхнарг вехаш хилла йолчу йуьртан цlе йаккха ца лаьа суна. Хlунда аьлча, оцу кlиллочо тоьхна болу мотт хьахош шен цlе йаккха хьакъ йац и йурт. Вуьшта аьлча, иза цу йуьртахь вехаш хилла алар а ца деза суна.
Вайн махкахь цхьа а йурт йац къонахчун ког ловзаза. Амма, «кlиллой» — уьш, шайн мохк а, йурт а йу ала хьакъ бац.
Шемал шен дега-нене а, йиш-веше а дlасахьоьжуш вара. Оьрсийн мотт ца хаьахь а, гуш долчу суьрто кхетийнера кlант хиладоллучух. Ша охьаваккха неlарга ваьхча, гlийла а, экама а орцане а дара 12 шо кхечначу кхиазхочун шен дега а, нене а хьежар. Амма, цу чохь цхьанна а шен маттехула дагара хаийта-м ца хlоьттина иза.
Цунна тоьшалла ду, шен волчарах салташа ша къасточу хенахь, цо шен нене аьлларг:
«Баба! (и олуш хилла цо шен ненах) со охьавоссонза lан бохкуш бац хlорш» — элира, Шемала — «хlара сан доьхка…» — аьлла, шен гlодайукъа кхевдира иза — «хьайга дlаэцахь хlара Баба! Хlун хир а ца хаьа. Сайгахь дитахь дан а там бу сан хlара. Безамна а хьайга дlаэцахь хlара».
Цу тайппана, шен гlодайукъара доьхка Нене дlа а кховдийна, шаьш кхин ца ган къаьсташ дуйла хууш санна, шен Нанна мара а кхетта, чlоггlа шен Нана маракъевлира Шемала. Да а, Нана а охьадоссуьйтур долуш дацара цуьнца. Шайн жимачу доьзалхочунна дан гlо цахиларна чlогlа гlайгlане хилира да. Нана а йелхарца тийжа йуьйлира.
Оцу ханчохь, цхьана салтичо элира Адамей, Панкей (Шемалан да-нана): «Шек дlа ма довлийша, дарбан-цlийне а вигина, и то ма веллинехь ша хих дуьзна долу стака а lанор доцчу цlерпоштанца тlаьхьахьажор ву-кх, шуна, шу кlант».
Адамна ша санна дешан да хир ву моьттира и къамелдийриг. Нанна а чlогlа теша лиира шена хезначух.
Даймахках къастаран балина тlе, доьзалхочух къаьстина къахьо мийла а дийзира церан.
Иштта, да гlайгlане хьийзаш, Нана йоьлхуш бехха некъ бира цара.
Махках баьхна дlабигина а болуш, сибрехахь Шемал-Хьаьжа бохург а кхелхина цаьршиннан.
Цигахь дlатарбелла бевлича, кехат йаздира кхара, Элиста гlаларчу дарбан-цlийне. Цигара дуьхьал жоп а кхечира, Шемал то а велла араваьлла, дарбан-цlийнехь вац аьлла.
Цlабахка бакъо ца хуьлуш, иштта, шайн сингаттамца хенаш тоькхуш lийра Адам а, цуьнан доьзалан Нана Панка а.
Хууш ма-хиллара, 1957-чу шарахь шайн Даймахке йухабаха бакъо йелира вайнахана. Оцу хенахь шен воккхахволу доьзалхо Мовсар а (сан деда) а валош Даймахка веара Адам. Цlавоггlушехь Элиста вахара и шиъ, Шемалх лаьцна хlумма а дуйла хьажа. Цигахь кхин керла хlумма а ца хиира.
Панкий, Хьавай (йоl, Наний) а lара, Адамий Мовсарий хаза кхаъ бохьуш кхачаре сатуьйсуш. И шиъ, кхаьршинца Даймахка цайаран а шен цхьа бахьан дара.
Аннех йина хlусамаш йара церан, шаьш дигинчу хийрачу махкахь. И хlусамаш дlа а йоьхкина деррише а Даймахка доьрзур ду вай аьлла lалашо а йара.
Цундела, массо а ца богlуш, цкъа хьалха Даймахка веанарг Адамий, Мовсарий (да, кlант) вара.
Эххар а, вайн дукхахболу нах цlехьабирзинчул тlаьхьа, 1962-чу шарахь бирзира хlорш цlа.
Цул тlаьхьа а дукха хьаьжна уьш Шемалх хилларг довза. Иштта, Адаман йоl Хьава а (Шемалан йиша) йахана, шен вешица Мовсарца шайн ваша новкъахь охьаваьккхина хиллачу Элиста цуьнан хьокъехь дерг хуур дацар-те аьлла.
Цига даханчохь, меттигерчу цхьана зудчо тхан дедех Мовсарх шен бlаьрг кхетча шаьшшинга аьлларг а дуьйцура сан деден йишас Хьавас (хlинца доцуш ду и ший а. Дала геч дойла царна!):
«Хlинцачул а, 15-16 шо хьалха, сан дог lовжийна хилла долу цхьа сурт дуьхьал хlоьтти-кх суна хlара кlант гича. Хlара хьан мила ву? Хlокхунах ма чlогlа тера вара, хlетахь суна тlевеана хилла волу цхьа жима нохчийн кlант».
Цо и аьлча, шаьшшиннан вайна волу ваша Шемал карийча санна хазахеттера шаьшшинна бохуш дуьйцура Хьавас ша дlакхалхале кlеззиг хьалха йолчу хенашкахь а.
«Хlун аьлла тlевеанера хьуна, кхунах тера волу и нохчийн кlант?» аьлла шега диначу хаттарна жоп луш иштта аьлла хиллер Элистан йахархочо: «Дех-ненах а, гергарчех а дlахадийна ша, шен халкъ махкахдоккхуш. Царна тlе муха кхочур вара-те бохуш вара ша».
Цо и кхаьрга аьллачунна, кхеран истори йевзийла а ца хилла, йа кхара цуьнга дуьххьар дlа хьахийна хlумма а ца хилла.
Амма, Шемал карор Дала йаздина ца хилла. Хlинца схьавелхьара 90 шо хир дара цуьнан! Беллачарна Дала геч а дойла, хаамбоцуш байначарна Дала диканца тlаьхьа а кхиабойла церан верасаш!
Матагов И.
Суьрта тlехь: Матlахьан воl Адам (сан деден Мовсаран да)!
Свидетельство о публикации №123022406136