Ма-ттов

Ма-ттов хьайн къамел дIаде ахь,
Ца сацош самах йа гIенах.
Цхьа бакъо сан а йу, хьенех,
Хьоьга кхидIа ла ца дегIа.

Соьга ладогIийта дагахь
Хьо велахь, хаийла хьуна:
Сан лергаш дезаш волчунна
Сан дош а дезийла наггахь.

Абдулаев Леча 1989 шо


Рецензии