Шена ма-ттов

Шена ма-ттов хилларг тоьлу?
Ма-ттов хилар — вацар деца!
Амма иза оьшуш хуьлу,
Ма-ттов волчо масал эца.

Хила гIертарг, хьогIан жIаьла
Ма кIамделахь. ХьагIйолчунна
Ша цахилар вас йац-кх, валлахI,
Ахь, хьуо хилла, йечул цунна.

Хьан мел нислург дIаьвше долуш,
Ма гIелвелла хир-кх и Къабил.
Хила гIертарг, гоь ца волуш
Хила жимма: вешех Iаба.

Абдулаев Леча 2002 шо


Рецензии