ХIинци-хIинций...
Йуха дезаш хуьлу детта сa.
«ХIинций-хIинций», — догуш, кIур а туьйсуш,
КIуьро хьулдеш деган беттаса.
«ХIинций-хIинций» боху хан, хьо хуьлда-кх
Даима а анайистел дехьа
(Малх дIабузарх, йуха са ма хуьлу),
Ахь мукъне а сан са Iехадехьа...
Ткъа са паргIатдер ду, даьлча дегIах.
Абдулаев Леча 1984 шо
Свидетельство о публикации №123022205723