Хан йели...

Хан йели суна луъу дош ала,
Дагахьдерг ма-дарра дийца.
И хан дIачекхйели, боху: «Же, вала,
Тоьар ду, хьайн къамел хийца».

Ма хала дара-кх кхин шуьга хетта:
Бакъ дешан чомах ваьлла со кхетта.
Сайн бакъдерг дийца сан йиш йацахь кхин,
Эр ду ас Iезопа* маршонах аьлларг:
— Схьагайта, схьадийца, мичахь ду и —
Бакъ дешан дена аш кечдина Iин!

Абдулаев Леча 1991 шо

*Эзоп — ширчу желтойн (грекийн) философ.


Рецензии