ХIара мохк...

ХIара мохк ма хийра бац.
ХIара нах ма нехан бац.
Ма хьийзахьа, шийла дарц!
Ма йижахьа, мехий-кIац!

Ша беш хилла шовданаш.
ГIуорош хилла седарчий...
БIаьргаш, дIа ма довдалаш.
Куьйгаш, дIа ма сецалаш.

БIарзвелла ма алалаш, —
ЖIамарш* йай уьш-м кора тIехь.
TIам бойна ма ларалаш,
ГIовний* йай куьг-кога тIехь.

Марша гIойла, доьду хи!
Марша гIойла, гIаргIулеш!
ХIара мохк бен, доь ца гуш,
Вехарг виси, алалаш.

ХIокху махко къиэдинехь,
Даг чохь лахьта доккхур ду.
ХIокху махкахь къиэ велла,
Валар тIерадоккхур ду.

АбдулаевЛеча 09.99 шо

_________
ЖIамарш* — коран аьнгали тIехь гIурано йохку тикманаш (бустамаш).
ГIовний* гIорийна луо, ша.


Рецензии