ТIехдуьзна...

ТIехъдуьзна собаран бустамаш,
Лаг къуьйлу гIайгIанан ветано.
Iамаве ахь, дуьне, пусардан
IиндагIал Iаьржачу вертанан.

Iамаве ахь, дуьне, пусардан
Ши аьрша йустучу бустаман...
ДIо акха лаьттачу торхан а...
Цхьаъ-ах дол гIаьттинчу борзан а...

Абдулаев Леча 2001 шо


Рецензии