Букъ нисбе...

Букъ нисбе, кур аркъал ца сеттош,
Йуьхь-дуьххьал хилийта хьажар.
Сурам-куй хьалтатта, ца кегбеш,
ГIиндагIе ца деш хьайн бIаьрг-цІоцкъам, хьаж а...

Элийн мохк хила хьакъ йарий хьо-м, Нохчийчоь,
Лай каро йиш йоцуш, шеран некъ барх.
Оьзданийн мохк хила хьакъ йарий, Нохчийчоь,
ЖІаьлехь а ца хаззал и жIаьлин гIалх.

ГIураша хьан кевнаш сийсаздан хьакъ дара.
Зайлаша хьан неIарш хьакъ дара сийсазйан.
Ийманан зеррат а, Iилманийн хьарм* а
Йу аьлла, хьакъ йара дуьненна цIе хаза.

Хьакъ йара...
Ткъа хилларг хIун ду хьох, Нохчийчоь?
Хьан бала болчунна хьох бала хили,
Хьан гIайгIа йолчунна хьох гIайгIа хили.
Хьо йуьллуш йиллина хилла техь, Нохчийчоь,
Лам боцчу нахана хIонсанна аьлла!

Зайл буллуш, неI чIагIахь, хьо арахь йуьсу
Моттал хьан цIахь цIера хиллачу кIенташна,
Эхь хилла йогIийца хьан хIора буьйса.
Зайл буллуш, ца вижахь, арахь ву моттал
Лам болчу кIентан гIов шеконе балар,
Нохчийчоь, ма далатохар ду, моттахь!..

Абдулаев Леча 1999 шо
________
Хьарм — Далла Iамалйен меттиг (храм).


Рецензии