156 Со оьгlазе бер дара
Со бер дара 6-7 шо бен доцуш. Суна дагайогlу, хlетахь сайн хилла йолу ойла. «Хьуна оьрсийн мотт дика хlунда ца хаьа, иза мелхо а атта ма бу вайн маттал а» бохуш, соьга хьехош болу и мотт буьйцурш бара, хlетахь сан мохк аьтта бохийнарш, сан къомах болу вежарий, йижарий кхоъмаза байъинарш.
Со оьгlазе бер дара оцу тlама кlелахь. Суна ца безара и мотт буьйцурш а, йа и мотт а. Ас тlаьхьалонна ойла ца йора хlетахь. И мотт сайна цабезарца, айса оьрсашна бекхам беш санна хеталора суна.
Дала lалаш дойла вайн къам!
Свидетельство о публикации №123022105545