154 Делах тешар доггах хилийта
Массо а хIума Шен тергамца долчу Далла ца хууш кху дуьненчохь хIумма а хила йиш йоцийла хаар, хьо, даима дагахь латтош а велахь, Цунах, даггара (маттехула а доцуш) баккъал а чIоггIа тешаш а хьо велахь хьол ирсе стаг хир вац-кх. Айхьа Деле доьхуш дерг, жоп дала а, ца дала а мега суна Дала бохучу ойланца шеконехь а воцуш, даггара Делах тешна хиларца дехалахь... Дела хьан даге хьаьжжина къобалдеш ву хьуна ахь лелориг. Делаца доьзначух, цунах тешийначух хьан жимма а даг чохь шеко кхоллайеллехь хьайн ийман гIийла дуйла а хаалахь... ТIаккха жоьпаза диса а мега, хьан Деле дехар! Дала ийманехь, исламехь даха а дойла вай, кхалха а дойла вай! АЛЛАХIУ АКБАР!
© Copyright:
Исхан Матагов , 2023
Свидетельство о публикации №123022007720
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь