153 Йуха а хьажалахь
Седарчийн цу лула гIерта сан ойла.
Йуха а хьажалахь, йезар, цу батте,
Дахарехь ца хилахь суна хьо гойла.
Бакъду со ца хилла ирсе хьо галла,
БIаьрсинна, цу баттехь дели ахь ирс а.
Лууш ву хьох доьзна некъаш, со, талла,
Хилийта хьох сайна бахаман гIирс а.
Бахам бу-кх, хьо хилар, йезачу суна,
Ларам а бу хьо сан, йу хьо сан гIала.
Муьлха дош ала, со, хууш вац хьуна,
Ирс долуш йойла хьо Сийлахьчу Дала.
Хьан бIаьрса сайчуьнца ийначу хенахь
Батта тIехь нур къагош, сердарчий хьоьжуш
Вайшиъ-м кху лаьттахь доккхадеш, генна
Ойлано дIадаьхьна, цхьана ханна Iийна.
Свидетельство о публикации №123022007669