ПIелгийн иэс...

ПIелгийн иэс мерзашна зийза,
ПIелгийн иэс чолакхчу куьйган.
Да воцу жIаьла ду цIийзарг
Даьгначу ков-кертан уьйтIахь.

БIаьргийн иэс серлонна зийза,
БIаьргийн иэс — девллачу бIаьргийн.
Хедаш йац гIайгIанийн гийзиг.
Соцуш бац хьовзамийн бIагор.

Деган иэс уьйрашна зийза
Некхера даьккхинчу деган...
Цхьажимма сатоха деза.
Дагна ша дицдала мега.

Абдулаев Леча 2001 шо


Рецензии