Суо хьалхавалахь...

Суо хьалхавалахь,
баккха кхаъ бу сан;
Суо тIаьхьависахь,
бан синтем бу сан:
«Хьо парггIат верза
хьайн барзахе,  — аьлла, —
Ас беза дуй буу,
суо лийр ву аьлла!»
Шайл хьалха ца валахь,
моьттуш, со вуьсу,
Бала а ца баххьал
«къахетарш» бу сан.

Абдулаев Леча 1998 шо


Рецензии