Седа санна...
Седа санна, цкъа
Кху Лаьтта тIе вужуш,
Нийят дара сан —
ТIулг хилла ца вожа.
Нийят дара сан,
Хал ца хьошуш, ваха;
ДIа мел доккху са,
Дика хьехош, даха.
2
ДIасхьахилал шу,
Схьаган витал стигал,
Схьаган битал шу —
Дика долчохь дика!
Дагахьбаллам бу
Даг тIе бижна сан а.
Йухадоьхур ду
Вас мел йина са а.
3
Дуьхьалйалал хьо
Ана-нуьрал ана.
Дуьхьалйалал хьо —
Сан са хьаггол — пана.
Дуьхьалйалал хьо
Далла гучу хьолехь.
Дуьхьалйалал хьо
ХIу-буьртигал пхьора.
4
Дуьне бIарзлур дац,
Къа ца къасстал мелах.
СагIа гIеллур дац.
Вайша Лаьттахь мел ду.
Хьаван векал хьо,
Со — Адаман векал,
Вайша токхур ду
Кху умматан декхар...
Абдулаев Леча
Свидетельство о публикации №123022002525