Аьттонца...

Аьттонца ирс а ца нисло,
Ирсаца ца нисло аьтто.
Аьттоно ирсаца къуьйсуш,
Некъ бекъабелла, со лаьтта.

Йа аьтту агIор гIой, — аьтто,
Йа аьрру агIор гIой, — ирс сайн,
Ас муьлхарг хаьржича, атта,
Декъалвен кхаж-дакъа хир сан?

Цадинарг лорийла-кх хаттар,
Цайинарг лорийла-кх ойла
(Аьттонна ваха ду атта,
Хилла сан аьттонаш гойла) —

Со ирсан некъа тIе вуссу,
Мерза ду лундерг цу некъо:
Йа декъал ирсе хир ву со,
Йа доьза вовр ву со декъал.

Абдулаев Леча 1988 го


Рецензии