Дешнийн бlаьргаш...
Дешнийн хьесап тилла.
Бен а доцчу девлла,
Дош а доцург хилла.
Корта, — хьекъал хоттий, —
Ца хоржуче девлла.
Кийра, — дог а хоттий, —
Ца къасточе девлла.
БIаьргаш хьеладахна:
Цу салтдухарх терра,
Мотт бу, дош ду тахна
Массеран цхьатерра.
Селханлера айкх а,
Таханлера къу а...
Хьаьнггахь а тов хьан байракх.
Милла а ву хьан Iу а.
Бен вац — къена, къона,
Маттах вевзаш вацахь.
Бен вац — кIилло, къонах,
Дашо къастош вацахь.
Къамелах стаг вовззал
Дош дош доцчу мехкан
Эрна ду, деш ловзарш,
BoI винчохь дой хехкар.
Абдулаев Леча 1993 шо
Свидетельство о публикации №123022002350