143 Йиси-те ларми чохь!..

Мичахьа йайра-те бераллин  мIаьрго
Ца лоцуш декъаза бисинчу бIаьрго,
Бомбанийн гIовгIано маьхьарца шеца,
Йаьхьи-те йуха а шена чIир эца?

— Йиси-те ларми чохь боданах ийна,
Нанас со серлоне воккхучу дийнахь,
Йа Дадас, йийцинчу стогаллах кхетта,
Эхь хетта йиси-те, лаьттара гIатта.

Бералло, къоналлина некъ бити маьрша,
Стогалла гIаттийна тIеман кIур баьржаш.
Мохк битна, цIа дитна ца вели лела,
Хьо ву-кха, цунна теш йа АллахI-Дела.

Са декха ца дели луларчу лаьттах,
Цигарчу маршонал мохк беза хетта.
Даймохк и мерза бу лазийна Iиллахь а,
Боцу бехк биллахь а, Iома чохь Iиллахь а.


Рецензии