142 КIайдаргаш
Цхьа хьагам, цхьа лазам хуьйдина шайца,
КIайдаргаш ма тийна Iаш ду шу гIийла,
Кхоларна тIаьхьара-м маьлхан де дайца.
Экама хили шу йоьIа-бIаьрг санна,
Везачун дашо ша белхийна болчу.
Буоберех тарделла миска шу тахна,
«Нана» цIе йаккхарах хьегамца долчу.
Айъийша кортош шайн, айъийша лаккха,
Полларчий догIур ду шуьца цкъа ловза.
Малх а ша гIоттур бу, самалхадаккха,
Йочанна кьар ца луш чекхдовла хьовса.
Свидетельство о публикации №123021907168