141 Хьох кхета мотт оьшу

Ахь иэхьаца хьуламехь латтийнарг
оцу иэхьо къорачу маттаца дуьйцура соьга...

Ас лоррий ладоьгlура башхачу цу матте, йуха и гоч а деш дуьйцура даге:
"Ас муха.., хlун дийца шех тера хlумма а доцчу цу адаме?
Со эхан-ах а вуй цуьнгарчу амалца вуьстича?"

Ишттачу хаттарех йуттура лазаме гlала,
Йуха цу ойланца Хlуттура со вухавала.

Хьан дийцар маьlне а, тийна а хуьлура массо а хенахь,
Хьан хаттарш, жоьпаш а дара-кхи даим а иштта...
Хьох кхета мотт оьшу — цахуург цхьана а дена,
Ахь суна lамийнарг, хьайх йоьзна ойланаш листа...


Рецензии