140 Массарна къинтlера вала хьажа

Хьуна хьайна массо къинтlера вала лаахь, хьуо массарна къинтlера вала хьажалахь.
   Вай, Дала къинойх лардина Пайхамарш (Делера салам-маршалла хуьйла царна) цахилар а дагадаийта. Кху дуьненчохь цхьа а къа ца латош дерриг а адам дlахlоьттича, Ша уьш дlа а баьхна къа латон дерш кхуллур бара аьлла бах Дала.
    Къинош — уьш вайгара довлаза дуьсур дац. Цхьа а къа ца динчух тера ву, шен къиношна тоба динарг аьлла а далийна. Иштта, къинхетаме ву вайца вайн синош Кхоьллинарг.
   Цхьана а Нанна шен бер дезар ма дац, Далла Шен лай санна дукха... Оцо кхачадо дерриг а, кхин дийца ца оьшуш.
   Вай тобадар ду Далла дукхадезарг. Цкъа тоба дича, йуха оцу къине вухацаверзар ду Цунна кхин а дукхадезарг.
   Дела Шен лайшца оццул къинхетаме хилча, Дела Шен лайшна къинтlера волуш а, гечдеш а хилча, ткъа, Цуьнан лайш долу вай муьлш ду вовшех дог ца лаза а, вовше къинтlера довлуш ца хила а?
   Хlокху дуьненчохь дукха ца веха... Хьайн дахаран, хьо кхоччуш ойла йан а кхиале дlадолу иттех шо. Бlе шо хан ахь йаккхахь а, иза а йер йу-кх хьан сиха дlа...
   lожалла а йу, жима-воккха, хаза-ирча, хьалдерг, къениг цхьа ца къестош кайетташ лелаш... lожалла ца хьоьжу хьо могаш ву-вац а, хьо дика ву, йа вуон ву а... Цуо, Дала тоьхна йолу хьан хан тlе ма-кхеччина дlавуьгу хьо кху дуьненчуьра.
  Адам — адам хиларан билгалонех цхьаъ ду хьуна, и адам шен г;алатна къера хилар а, иза цунна тоба деш хилар а.
   Гlалател а доккха гlалат ду — шен бехк, иза бехк цахетар.
   Муьлхха а хlуманан бух нийсонна т;ехь хила безаш бу. Хьан гlуллакхийн бух нийса бацахь, ахь дийриг хаьрцир ду... довр ду...
   Дала ийман-ислам долуш дахар а, далар а лойла вайна! АМИЙН!


Рецензии