139 Со дагца хьоьжур ву

Хlума ас хастадеш —
харжамна бlаьргаш эшнера суна,
диканиг къастадеш —
жамlанна бlаьргаш эшнера суна,
дуьненан дахарехь ирс кхолла
ца эшна бlаьргаш,
хилла-кха даима хьашт хилла лаьттинарш суна.

Ирс лохуш бlаьрса а оьшуш цахилар,
гуш долчо наггахь цкъа lехавеш хилар,
сирлачу шовдан чохь тlулгийн йаххьаш санна шера,
хlума ган ницкъ болуш дог бен цахилар
хиира, дагца хьоь хьажарца суна,
и хаар, дог доьллуш довзуьйтуш воллу со хьуна.

Ахь суна деллачу хаарийн гlопан,
набахтехь хан йаккха диси сан хьежар,
Ма-дарра ца гойтуш леларна, адамехь, ша довза дезарг,
шен кхиэлехь товш бу и сан
б;аьргаш дlаса ца хьежа.

Со дагца хьоьжур ву даима хьоьга,
Со дагца хьоьгур ву хlоразза хьох,
Со хьоьжуш, со хьоьгуш кlоршаме дош ала соьга
маттана маршо луш, кхарда сих ма лолахь сох.


Рецензии