137 Хууш вац со

Хьан бlаьрнегlарех шена тlемаш а хилла, хьан хьежар лоьцуш лакха тlома гlаьттина лелачу сан ойланех эхь-бехк лаццал дог хили хьан кийрахь. Ахь тешам а белла суна, белла ахь, иштта, безам а. Хlетте а, сов-чlогlа хьох теша а тешна, шен болар ца хуьйцуш лелачу ойланца берта дан ца туьгуш, мохане детталучу даго хьуна са стенна гатдо хууш вац со. Гой хьуна сан ойла, лаьтта йоссар доцуш, геннахь беттан лулахь седарчашца ловзайуьйлуш каде хьийза иза?.. Ойлано санна, шена паргlато хlунда ца лоху-те даго а? Йа хьоьгарчу тешамах тешам ца хета-те цунна?.. Со-м хlинца сайн дагна а вац хаъал реза... Аьлча а, и дог паргlат ца дуьтучу моханашна реза вац-кх... Дагехь товш дерг собар ма дара...
  Олуш ду-кх: «Цхьана бlаьргана топ кхетча, вукху бlаьрган негlар ца тоххал хила дезар-кх собар». Изза, аьлла, хеташ со а ву-кх.


Рецензии