136 Вайшиннал а

Цlийх доьлларг дита хала хиларан тоьшалла а оьхьуш,
суна хьо гиначу мlаьргонехь хьайн буо-бlаьргаш цхьа орцане соьга а хьийсош,
ахь лелочу кепаша дерриг соьга схьадуьйцуш хилар хьуо хууш а йолуш,
хьайн лаамара дуьйлучу дагна дан амал а доцуш,
со гича хаза а, амма, тlеlаткъаме хала а долуш
лелаш йолчу хьол а,

хьан даге боьду некъ сайна хьакъ боцийла а,
йа хьо сайна гар, хьекъале диллича мерза кхаъ боцийла а хууш,
вехачу сол а

шен хьал тоьлла а, вайн йоцу маршо шен сица йолуш вуйла а хиъна суна, шен дерриг дахар набахтехь такха декхаре вина волу тутмакх а!

Сица йоцург маршо ца хилла-кх,
сица маьрша доцу дегl йа маьрша а…


Рецензии