135 Айрашка кхийдадеш дов

Дехьочу некъаца машен сацийна,
Йерриге ойланаш гулйина тlе,
Бодашлахь урам а набарна тийна
Ма бара, со воьдуш шу кевна тlе.

Меллаша ког боккхуш, ца хазош гlовгlа,
Воьдура айрашка кхийдадеш дов,
Карзахе детталуш кийрахь дог довха,
Чиркх леташ, серлонца бода д1абов.

«Ватта-а, ма пал бу-кха, ги-те со цхьанна»
Аьлла, со вуьйхира корашкахь хьан,
Йеана кинжка а, воьхначохь халла
Йилли ас буха тlе, эцийта схьа.


Рецензии