Доладан мостагIа...
Ма байлахь йиси хьо, Нохчийчоь!..
Къилбехьа йерзор а доцуш,
TIexь йоккхуш Делан цIе йоцуш,
ГIурбанна, мархина доцуш,
Къиэ леш йу, къиэ йуьйш йу Нохчийчоь.
Когаш тIехь лаьттачохь тIера,
Кайетташ, дилхаш схьадохуш,
Хьо дийна йоллушехь йуурш
Махьарна муьлш бу хьан, Нохчийчоь?!
Турпалша туьран ка хьоькхуш,
Мехкарша тийжамца йалхош,
Наноша доIица йоьхуш,
ХIонсанна хьуо йоккхуш йуйла
Хаьарий, моьттурий хьуна,
МостагIа долара ваьлла,
Да воцуш йисна сан Нохчийчоь?!
Абдулаев Леча 04.98 шо
Свидетельство о публикации №123021702254