Нохчийчоь, ши ун...

Нохчийчоь, ши ун ду хьуна:
Барзах цхьа ун даьлла хьуна,
Важа ун зуьдах ду хьан.

БIешеран коьртехь цкъа-шозза
Хьан берзан ун карзахдолу,
Борз хуьлий, хьо гу тIе йолу.

ЦIоз санна, тIелетий хьуна,
ЧагIалкхаш дог даа хIуьтту,
ХьаргIанаш бIаьрг баа хIуьтту.

Зуд самадолу хьан тIаккха:
«Со борз йац, зуд ду со!» — бохуш,
Хьан зуьдан ун карзахдохуш.

Нохчийчоь, со мича гIуо хьан?
Хьан хенах иэс а ца кхочу.
Хьан лаьттахь каш а ца кхочу.

Со борз йац, амма дац зуд а:
Борз хилла, гу тIе цавийларх,
Зуд хилла, гуй тIе ца хьийза.

Йа барзах угIа цалуург,
Йа зуьдах цIийза цалуург —
Нохчийчоь, со мича гIуо хьан?
Йа маца вола со йуха?!

Абдулаев Леча 1996 шо


Рецензии