134 Хьо йевзичхьана
Хьо йоцург мехкаршлахь хазалла бlаьрга ца гора.
Эхь хеташ беснеш хьан цlен басахь йогура суна,
Хьоь ала дош лоьхуш сан дог а догура хьуна.
хьо йевзичхьана со, дуьненна къинтlера ваьлла,
Хьо гичахьана сан, кхоьлина бlаьрг серлабаьлла,
Сан Дала дуьненчу со ваха кхоьллича дуьйна,
Хьо йовззалц хаьтта вац сайн дахар исбаьхьа туьйра.
Ахь суна кхачади, экамчу деган дош довха,
И саннарг, кхин йовхо дуьненчохь хир а йуй хьовха.
Гуьйренан шийла дерз хаалац тахана синна,
Сан даго къастийнарг, хьо цунна ма хьоме хилла.
Свидетельство о публикации №123021608229