133 Хьо кхин жайна
Наб а лецна, лецна белхан ойла.
Хlун дер-техьа, хьо цкъа гаран дуьхьа,
Дайъина-кх ахь сан синтеме lойла?!
Суьрто кхоччуш тоам ца бо шеца,
Лаьа дуьххьал хlотта сайна схьа.
Дог дуй-те хьан, догу дог сан тедан?
Йа бехк бу-те, билла суна, хьан?
Ток йоллушехь, суна чиркх ца беза,
Витац чиркхо мерза хьагам ган.
Чlурам латош, цуьнан серло йеза,
Наб а йайна гlийла ойла йан.
Хаац хlунда леци ахь со иштта,
Стенна ду а, ойла кхийдар хьоь,
Хlун дара сан хьоьга аьлла нисдан,
Йа хlун дара хьан а, хетта соь?
Хьо кхин адам — кхечу ирсах хьаьгнарг,
Хьо кхин жайна — кхечо доьшург шена,
Хууш вац-кха, со хьох муха хьаьгна,
Гина йоцуш, йоллушехь хьо генахь!
Свидетельство о публикации №123021607735