132 И дог ду-кх и

«— …Дагца лелаш хуьлург ма боккха болх бу-кх — олуш, ойлане волу иза:

— муьлх-муьлххачун дог дац дуьйцург.., дуьйцург — иза, адам долчу адаман дог ду.
   
   …И дог ду-кх и, къоналлехь летта цlе кхин дlайан ца туьгуш, шен йерриге а оьмарехь бохург санна шеца цlе йогург..,

…и ду-кх и дог, цкъа шен ший а агlо цхьанаметта йогуш лаьттарг.., дера ду и…
   
   Цхьа хан тилча.., цхьа зама йаьлча.., шен дегlа-чалхан дуьхьа, шен цхьана агlонах летта цlе йов цуьнан. …Йов, шен и агlо чим хиллалц йегна йаьлча.

   Тlаккха важа ах йуьсу. И ах кхечу адамийн догlмийн гlайгlа-баланца йогуш хуьлу. И цlе латтош дерг кхин догlмиш хуьлу. Уьш кхуо цlий тоттуш лелош дерш ца хуьлу. Кхечу адамийн сингаттамаш хуьлу, и цlе йагош дечигах терра лаьттарш.
 
   …И дог-пекъар шен важа ах кхечарна.., кхечу адамашна а йагош, шен йисина оьмар токхуш лела-кх».


Рецензии