131 Синтем бойъу хьагам гlийла

Хьо дуьненан цхьа кхин дахар,
Хьо дахаран цхьа кхин дуьне,
Хьо цхьа башха, дан а доцу,
Хилла доцу, хилла белар.

Хьо дахаран цхьа кхин дуьне,
Хьо дуьненан цхьа кхин дахар,
Хьо цхьа башха, хьайца нисдан
Доцуш хlума, кхоллар иштта.

Кхолар човхо, сирла кхоллар,
Йокъа йойъу тlадам шийла.
Хьо бlаьргашкахь бисна хlоллам,
Синтем бойъу хьагам гlийла!


Рецензии