125 Сирла-цlен коч йоьхна

Сирла-цlен коч йоьхна,
малх лакхаболучу хенахь
хьайн белхан декхаршна
хан йайъа болар ахь дора.
Хьо ларйеш lаш болчу
сирлачу кху бlаьргийн дена,
кхаъ хилла, хьо йоцург
мехкаршлахь цхьа а ца гора.

Дийца а, ала а
мел дукха дара сан хьоьга,
делахь а, хьо гича
мотт соций со lадавора.
Ларамза вай вовше
гиначохь йистхилча соьга,
хьан озо вадавой
лакхене lаьршашка хьора.

Хьо гар а, ца гар а —
— ший а ду лан хала суна,
хьо гарца — сатосу,
ца гича — са лозуш лела.
Гой хьуна, тховса а
ойланаш лери ас хьуна,
наб йайна, хьо цхьанна
сахьийзаш суо волу дела?


Рецензии