123 Ма кlордийна

(Забаре байт)

Ма кlордийна ахь соь доху бехкаш,
Сайна луъург дийра ду-кха ас.
Ахь этlочу дагна, кийра кхехкаш,
Хуьлу дагна, лан ца йаллал вас.

Ожиданехь хир ву сайна лаахь,
Ахьий бен ма тоха аьлла-м дац?
Хlуттар вац со, хьуна дуйнаш баа,
Хьуна каравахна lойла дац.

Телефон — и, тоха лелош йу сан,
Йа, хьо цхьаьннан дуьхьа эцна йац.
Кlордийна-кха, и хьан хабар эрна,
Ас дечуьнца, йа хьан бала бац.

Кхин ма хатта «хьан тоьхнера» алий,
Нагахь хаттахь, эр ду: «бала бац хьан».
Дош ма ала, соьца девне йалий,
Амма, хаа — хьо хир йуйла сан!


Рецензии