119 И ирс а хьан хир ду аьлла тоьшалла а дац
Хьайн йохалле хьаьжжина коша-ор а даьккхина, цу чохь лахьта а тодина, дуьхьал уппагlа а диллина, дуьненчохь хьайн хиллачух массо хlума а дитина, цхьана адамаша (бевза-безачара, йа кхиболчара) дlадолла сихо йийр йерг ду-кх хьо а, хlай сан дегl!
— И ирс а хьан хир ду аьлла тоьшалла а дац хьуна вайгахь. Докъаза дан а тарло хьо.
Тахана дийна ду хьо, амма, кхана кхалха а сахьт дац хьан. Цхьа а минот, йа секунд ца туьлу, lожалла хьуна герга кхочуш бен.
Хlетте а.., гуттара сецон дезаш хlунда ду-те хьо? Хьайна маршо йелча ма марш бетlар бара хьан.
Цхьана лорах lехьа, нийсачу некъара нацкъара а ца гlерташ. Сан са-м кlад а делла хlинца, хьо йуьхь лаьцна лелийна.
© Copyright:
Исхан Матагов , 2023
Свидетельство о публикации №123021606882
Рецензии
Мы используем файлы cookie для улучшения работы сайта. Оставаясь на сайте, вы соглашаетесь с условиями использования файлов cookies. Чтобы ознакомиться с Политикой обработки персональных данных и файлов cookie, нажмите здесь .
Соглашаюсь