Рицкъа
Цо цуьна рицкъа денна дебош ду.
ШолгIачунна рицкъа делла Дала,
Амма цуьна даьхне гIийла ду.
Хьалхараниг синтем боцуш хьийза:
Ведда - хьаьдда, вижар - гIаттар дац.
Цо шен бахам гулбо, Iесаваьлла,
Шегахь долчу хьолех Iебаш вац.
ШолгIачунна вижар - гIаттар тийна,
Рицкъа лоху, амма сахьар вац...
Хьеший цуьнан хIусмехь хиларх хаддалц,
Доьзаллехь цуьн рицкъа эшна дац.
Ала, мил ву царех билгал вехаш?
Муьлха ву-техь, ирсе рицкъан да?
Вузар доцуш, бахамах ца Iебарг,
Кхачамца йа рицкъа оьцург схьа?
Стиглахь лела хьозаршн рицкъа делла,
Дала рицкъа ца луш вуьтуш вац!
Делах тешарг хIунда хир ву Iеса?
Цо ца делла рицкъа кхочуш дац!
Вай ца буьйцу Дала дуьне делларш,
Шайн рицкъана даьнна хастам беш…
Цера дикнах нахан беркат хилла –
Дела рицкъа царна кхоош вац!
10.10.2020
Свидетельство о публикации №123021606866