116 Гина долу гlан
Кlоргаллина цхьа ши метр хила там болуш дара, тамаш а беш со шега хьоьжуш лаьтташ долу хинан дакъа а.
Суна цу чохь уьнтlапхьид гира. Хаза йара иза.., Можачу басахь йара иза, шена тlехь беттан, седарчийн суьрташ а долуш. Ког лаьттах хьакхалуш а йоцуш, неканца цхьа хаза лелабора цуо шен когаш.
Берда йисте йеача хьаьстира ас иза тlе а вахана. Кхийерш хьуллуш ма-хиллара, уьна кlелахь дlа а ца хьулйелира иза кхерамзалла (безопасност) ларйеш. Хетарехь, цунна соьгара шена кхерам ца хаабеллера. И тийшира сох, йа шен сох тешаро цунна зиэн а ца дира, мелхо а ас ша хьастар бен.
Цул тlаьхьа суна говр йогlуш бергийн тата хезира. Дlахьаьжначу суна, говрахь гинарг хьо йара. Ма йоккхачу сийлаллица lара хьо цу говрахь, айъина корта а болуш. Иштта хьан говр а йара корта айъина лаьтташ!
Хьо цхьана гу-лекхачохь йара говрахь суна гиначу хенахь. Ткъа.., уьнтlапхьид хьоьстуш воллу со, таьlначу меттигехь шовдан-коьртехь вара.
Ахь мохь туьйхира суна тlе куьг а лоцуш, «и ву шуна иза, хьовсийша» аьлла. Айхьа сох дозалла деш санна бара, ахь цхьаьнга-м тоьхна мохь а. Суна цунах (ахь мохь тохарх) там а хилира.
Уьнтlапхьид а йара, вайшинна къежа а къежаш берда йистехь lаш — шен можа бос а болуш, шена тlехь беттан, седарчийн суьрташ а долуш.
Иштта дара суна гина долу гlан!
Свидетельство о публикации №123021606690