Суна баъал...

Суна баъал хьо безаш цахиларх,
Хьан-м хьуо баъал безарш дукха хилла.
Чам тобаллалц бохуш Iийна хилла.
ХIинца тIера бовла дагахь буй, ткъа!

ХIан-хIа, ас ца боху, уьш хьан къуй бу.
Уьш мелхо а хьан «тешаме» Iуй бу.
Ткъа хьо баар церан бехк а буй, ткъа?
Буу-кх... баъал шайна беза дела.

Сан безамах чорпа а ца йогIу.
Цара санна, баъал беза бохуш,
Церан, кхеран багара а бохуш,
Суна, Даймохк, хьо баъал ца беза.

Суна, Даймохк, хьо цхьажимма беза —
Кога тIе вазвелла а хьан латта
Ца лазош, хьан некъех чекх а ваьлла,
Вижча, коьртехь цхьа ошан тIулг латтал,
Хьан аренгахь со, йар хилла, гIатталц.

Суна, Даймохк, хьан дукха ца оьшу —
Хьоьга цхьа а шалха дош ца аллал,
Сан воI-ваша суна дуьхьалваларх,
Дерриг халкъо, белхи бина, аларх,
ДогIуш доцу наьIалт ахь ца аллал...

Ткъа баркалла ас догIург а ца доьху.

 Абдулаев Леча 1997 шо


Рецензии