107 Ахь кlант ву элира

«Бутт» — иза, ахь «кlант ву» элира,
суна и беламе делира,
«хьажахьа ван а ву» элира,
жигара къовсаме йелира,
«батт, мара, бlаьргаш бу» элира,
цунна берг тlуьска а лерира,
йуха.., «и вайх воьлу» аьлла, сихха хьо къайла а йелира.

Дацара ахь бохург — бакъдина бохуш,
йара и кочалла, сатlома доху:
цу батте тидамаш лоьцучу суна
томе дерг доладан хаьара хьуна.


Рецензии