Къамел

Къамелехь вайн хуьлу: йа къа – йа мел,
Къамелаш шалгIа деш верг къа летош лела!
Моьттураш дийцарах хир бац шуна мела,
Дуьйцучуьнг ладогIа, ца оьша хьуна вела...

Къамело сийсаз во, йа къамело айба во,
Цуьн барам цахуъчо, шен коьртана бала бо.
Къамел хаза долчо, лекха лам баша бо,
Къамелашка ладоьгIачо шен кийра цIе латайо.

Къамелан васт хуьлу, доцца, йа деха,
Къамел ду дуьззан, йа ду хьо деса
Къамел хьо оьзда, къамел хьо Iес,
Маржа-яI къамел, ма хьох жоп дала дез!


13.08.2019


Рецензии