МА БАА ДУЙ

Дааршца каьчдина сакъоьру той,
Тойне схьагулдина адамаш вай...
Даарах Iебина синош кур дай –
Кхийсаме дуьлу самукъне той!

Дуьйцучун чIаго еш, цхьаммо буъ дуй –
ШолгIачо цуьнц(а) кхуьссаш, леттах бет куй...
Сан дехар ду хьоьга ма баа дуй,
Хьан дашаьх теша со, ваа накъост хIай!

Кхетийша накъости, даарм дез(а) дай,
Бакъ волчо рицкъан тIехь буур бац дуй!
Къерачо дуй баарх, тешар дац вай –
Дуй биъна ризкъанаш, вайн хьарам дай!

Адамийн къийсамах кхеташ вац со,
Дуйнашца йо чIагIо, тIе эца цало.
Дуйн дозаллин барам бийца цало –
Дитийша дуйнш даар – ас дехар до!

13.08.2019


Рецензии