104 Кхин ирс ца лийхира

«…Зуда, кхалла хlума хlоттайехьа, жимма хlума а кхаьллина садоlур дара ас, тахана чlогlа кlад а велла со» — аьлла, коьртара куй дlа а боккхуш, тlекхоьллина йолу тиша бедар а дlайоккхуш воллура хlара.
   Хlусамнана, шен деш долу гlуллакхаш а дитина, кхуьнан гlуллакх хьалхадоккхуш, сихха йаахlума хlоттош йара. Чай-м гуттар а довха лаьтташ хуьлура цуьнан, гlийла цlе йогучу пеша тlехь.
   Тlера бедар а хийцина, ламаз а дина, доккха са а даьккхина хlара охьалахвеллачу хенахь, цхьаъ вогlу кхуьнан неlаре.
   —Хьенех, цlахь вуй хьо? — мохь туху.
   — …Дера ву-кх… Хьо ма дика вогlу? Схьа чоьхьавала.
   — Чу веана lен йиш йац сан. Хьен а лур вацара вайшиъ, соьца волахьа, хьо эшара суна уллохь.
   Цуо иштта аьлча, иза чу а ца веача, и шега хьоьжуш латтавойла а дац, аьлла, кхин хlума а ца йууш, тlе хlума йоха хlоьттира хlара.
   Хlусамнанас йаа охьайиллинарг а, доьттина долу чай а lад а дитина сихха аравелира, ваханчохь дукха хьелург хир вац-кх шаьшшиъ бохучу ойланца.
   Амма, дуьненчохь кхалла дисина кхин рицкъ хилла ца хиллера кхуьнан, йа мала бисина чайнан къурд а.
   Новкъахь машенца воьдуш а волуш, некъахьовзамца кхелхира и ший а.
   Хlусамнана а lара, хlинца-тlаккха хlара (шен хlусамда) цlакхочур ву бохуш. Амма, и дийна цlавар ца хилира.
   Шераш ихира пхиъ а, итт а, пхийтта а… Кху шиннан кхин доьзал а бацара, амма, зуда дlа а ца йоьдуш, йа кхин маре а ца йоьдуш, ша йаллалц цу кертахь йехира.
   …Хlаъ… жима зуда йара иза. Дуьненах самукъа а долуш ирсе дахар деза хан йолуш йара… Делахь а, цо кхин ирс ца лийхира…


Рецензии