Со хаза гIенаш...

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,
Сан бIаьргаш хийцина техьа?
Йа говрахь бина, йа — гIаш а
Некъ боцуш, валаза кех а,
Кху махка со муха кхаьчна?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь,
Йа хIара урамаш, некъаш,
Хьан девза и адамаш а
Хийцина, сан дог, хIай, пекъар?

Со хаза гIенаш гуш Iашшехь...
Йа хIинца гург ду техь гIенах?
Йа гIан ду техьа сел ирча?
Йа мохк бу техьа сел хийра?..

Со сихло цкъа самавала, —
Сама ца валало самах!
Со цIа ван тохало, амма
Некъ бац-кха цIера цIа вало.

Абдулаев Леча 1999 шо


Рецензии