Дешан бакъо

Ала луург ала —
дешан бакъо йаьлла,
хастам бу-кха Далла!

ХIинца Везчу Дала
кхин аьтто а бойла —
цалуург ца ала.

Абдулаев Леча 1991 шо


Рецензии