Нохчийчоь сан нохчийчоь
(Узам)
Хьан баланаш кхачо ма ца бохку,
Дакъаза ма баларг, Нохчийн Мохк сан.
Хьан гIайгIанийн уьйриг ма бахбелла,
БIешерашка и баста ца бели.
ХIун де хьуна,
Нана-Нохчийчоь?
ХIун де — лардан
хьан Пхьаьн Кхерчан Доь?..
Сан мажаран биргIа цIий ма йелла.
Сан гIаманан дитт а зарз ма делла.
Со эзарза, кхин эзарза велла,
Хьох ца къаста, чекх ца волуш велла.
ХIун де хьуна,
Нана — Нохчийчоь?
ХIун де — лардан
хьан Пхьаьн Кхерчан Доь?..
Цхьа шад балла йовлакх йуккъе тарйеш,
Дуьне ма-дду йуьтуш къаьхьа лараш,
Хьо идош а со ма дукха лелла.
Хьан баланийн мохь сан бай-м ца белла.
ХIун де хьуна,
Нана-Нохчийчоь?
ХIун де — лардан
хьан Пхьаьн Кхерчан Доь?..
Хьан бIаьрхиша бIаьргаш кхачош лаьтта.
Хьан когаш а кхачош бохку лаьтто.
ХIун де хьуна,
Нана-Нохчийчоь?
ХІун де — лардан
хьан Пхьаьн Кхерчан Доь?..
Со вийнехь а, цкъа сан чIир а йитий,
Цкъа мукъне а машар кхоже битий,
Йаха хьажахьа, Нана-Нохчийчоь.
Исс чкъор доккхуш, лахьта кIорга ахкарх,
Суо мел вийнарг воккхуш цец а, акъ а,
Хьан машаран дузуш цхьа бIешо,
Хьан машарах Маршо хуьлуш ган, —
Цу кошара гIоттур вара-кх со...
Вай дуьнене кхайкхо дукха дисна,
Цхьа чкъор кхиъалц цкъа мукъне букъ нисбан,
Лардан хьажахьа
хьайн Пхьаьн Кхерчан Доь...
Йаха!
Йаха, Нана-Нохчийчоь!
Абдулаев Леча 2002 шо
Свидетельство о публикации №123021502408