Махкаца-м...

Махкаца-м аьтто хиллера,
Iехийнарг йу — географи.
Лаьмнашший? Лекха ду дера,
Амма лам, белахь а Къаф* и,
Ларабой, гIап хилла, латта,
Typс хIотта уллохь берд боцуш,
Гуобаьккхина хилча латта!

Гуобаьккхина лаьмнаш хилча,
И лаьмнаш-м ларорг хир дара,
Дуьненан Iеса хьу-хича
ДIатесна,
Далла са ларо
Лаамца
шайн доза лехнарг,
Хьулвина, шаьш хьалхаваккха
Цу йаджу-маджун* дIовш-мехех.

Зулкъарнас йина чIагIо а
Йоьхна техь? Дегадо синош.
Дика ма чехадо воно,
Сийсаза мел долчо — сий а!
Ахира* зама йу-кх кхаьрдаш,
Синошна хьовх, сий ларо, —
Лаьмнашна а эшча турс-бердаш.

Абдулаев Леча 2002 шо

Къаф — Кавказан сийлле (символ), Кавказ-лам.
Йаджу-маджун — Къуръана тIера: вон мел дерг схьадолу нах а, мохк а.
Ахира — ТIаьхьара зама.


Рецензии