96 Зуда, дlатиллалахь хьайн коьрта йовлакх
Вуьйцург цхьана дийнахь тезета вахаваьлла… Тезета дlакхаьчча, тlаьхьа тlебогlучех бlаьрг а кхаьтта, уьш шена тlекхуьуьйтуш кетlахь сецна хилла иза. Хlаъ… Иштта лелаш гlиллакх а, lадат а ду иза.
Тlебаьхкинчара, тlехьаьжна хlара шайл воккха а хаьтта, хlара хьалхатеттина шаьш тезета доlина тlедоьлхуш.
Тезет долчу наха, дехьа-сехьара тlеоьхучех берш, йуьхь гиначул тlаьхьа буьтуш ма ца хиллара, хlорш а йухаберзийна кадам ма-бинна.
Тезета шаьш тlедоьлхуш, шеца керта баьхкинчара ша хьалхаваьккхина хиларх там хиллачу кхуо, шен хlусамнене телефон туьйхи бохура: «Зуда, дlатиллалахь хьайн коьрта йовлакх, хьан цlийнада дика-вуонехь хьалхатетта волийна хьуна» аьлла.
Свидетельство о публикации №123021307097