99 Йаздира кехат хьоь
лаамаш бовзуьйтуш хазийра сайн деган аз,
хетарна сайна хьо, мехкаршлахь уггаре тоьлларг,
элира йозанца, ойланехь лаьтташ дерг ас.
Йоккхачу Пачхьалкхан Паччахье санна ас хьоьга
йаздича, дийцича, бен а ца хетарца хьайна,
дитира кехат ахь, кхин дош а ца олуш соьга,
дисира кехат сан, ойланехь садаа сайнна.
Свидетельство о публикации №123021307075