97 Гlорасиз долу адамаш
Дика болх хили-кх хьуна, «Алхьамдулиллахl (Дела, Хьуна хастам бу!)» алахьа! Вуо болх хилча а …изза алахьа! Хlунда аьлча, и ший а ма ду Делан пурбанца а, къинхетамца а хуьлуш!..
…Царах цхьадолу хlуманаш хьо къинойх цlанвеш, хьуна кхин а боккха сингаттам баккха Шен йиш йоллушехь кlеззиг бекхам а бина хьо Дала кlелхьарвалийтар хила тарло, ткъа, кхидерш.., Шен пурбанца хилларг ахь муха тlелоцу а, ахь цу хьокъехь хlун олу а, хьан ойла муха хуьлу а хьожуш, дика хуург Ша воллушехь, хьо Цуо зиэр хила там бу.
Хьо зиэн тарло: адамашца а, цамгаршца а, акхарошца а, кхийолчу садолчу хlуманашца а, иштта.., чохь са доцчу дахаран гlирсашца а…
Цундела.., муьлххачу хьолехь а «АЛХЬАМДУЛИЛЛАХl! (Дела, Хьуна хастам бу!)» ала ахь! Муьлххачу хьолехь а, адамалла латтайе ахь хьайн сица а, дегlаца а!
АЛХЬАМДУЛИЛЛАХl!
Дала къинхетам бойла Шен Элчанан (Делера салам-маршалла хуьлда цунна) умматах!..
Дала гечдойла вайна массарна а! Вай гlийла ду-кх.., мел «ас-со» бохурш а!
Вай.., адамаш ма ду! Вешан догlмийн доладан а гlорасиз долу адамаш!..
Свидетельство о публикации №123021307013