95 Йуха а кху буса

Йуха а кху буса даим а санна,
Веана хlоьтти, хьан, ураман лаьтта,
мехкарийн тоба ги дlайоьдуш геннахь,
машенахь кlентарша цаьрга мохь баьтта.

Цlеххьана дог хьаьвзи синтемах доьхна,
«гиначу мехкаршца хьо-м йац-те» аьлла,
сихонца кехат хьоь, йазди ас воьхна,
мичахь йу хоттуш хьоь, карзахе ваьлла.

Дог теден жоп кхачош йазди ахь йоза:
«чохь йу-кха.., кхин мичахь хир йара со».
Со воккхавеварна тоха дуй доза,
синтемах воьхначохь чохь хилча хьо?


Рецензии