94 Иза дагlац соьца

Латтархьама вац, со, латта воллуш,
алархьама аьлла дош а дац,
цlархазмана хьийза а ца воллу,
йа ца воллу хьоьга лен а харц.

Йа хьо lехош мекарлонца теба
воллуш вац со, иза дагlац соьца,
лаац даим сайн туьйранах хьега,
ас ойланехь кхоьллиначух хьоьца.


Рецензии