93 Уьш бен ца гора

Хьан бlаьргаш — кlоргенаш,
шайна чохь со вайна хилларш,
хьан бlаьргаш — къайленаш..,
со шайха ца кхеташ тилларш,
ма чlогlа лечкъара
хьуламехь, ца довлуш lора,
ткъа, суна-м хlетте а,
дахарехь уьш бен ца гора.


Рецензии